Бакъдерг шен хазачу духарахь лелара,
Мисканийн, зIаьIапхойн дог делош шех,
Шогачу Харцоно шен цIа и йигира,
Соьца хьо Iахьара кху буса, аьлла.
ДогцIена Бакъдерг сихха дIатевсира,
ГIенаша деладеш, и паргIат даьллера.
Мекара и Харцо, шаршонаш шегахьа озош,
Бакьдолчух хьаьрчира, там шена хиллалц.
ТIаьккха цо, гIаьттина, басаршца Iарждира Бакъдерг -
Сте ю-кха, ма-ярра, стенна оьшу цунах вага.
Башхалла-х яций Бакъдолчунний, Харцдолчунний юкъахь,
Иза а, важа а дерзина ахь даккхахь.
Къажарш а яьстина, дашо хьоз лачкъийра,
БIаьрг тухуш, дуьстина, духар а даьхьира.
Сахьт, ахча, кехаташ хьулдина шеца,
Туй кхуссуш, япар еш,дедда дIадахара.
Iуьйранна набарха делира Бакъдерг,
Ша чIана карийна, цецдаьлла Iара и.
Къормодаш хьекхна-кх тIе цхьаммо -
Иза-м тIех доккха зен дацара!!
Доьлура Бакъдерг, наха тIе кхуьйссушехь тIулгаш:
«Харцо ю бехкениг, духар а сайниг ду цуьнгахь!»
Ткъа мисканех шимма, хIоттийра
Бехк буьллуш протокол цунна.
Доьрзура протокол йоккхачу харцонца,
Бакъдолчух дуьйзира цадинарг цо.
Ша бакъдерг ду бохуш хьийза цхьа нажжаз,
ТIехь мел дерг доьхкина, бохура кехато.
Дерзина лаьтта и Бакъдерг доьлхура,
Кхирстира, шен къоьллехь сиркхонаш лехьош.
Ткъа Харцо бадийна нахера расха дин,
Хьадда дIаяхара къайленийн хьаьтта.
Цхьаволу пекъар ву хIинца а къуьйсуш шен Бакъдерг,
Бакъо-м яц Бакъдолчуьнгахьа цкъа а.
Амма Бакъдерг тоьлур ду хенан йохалла,
Нагахь цо леладахь Харцоно леллориг.
Юкъ-кара чIагIаран кад дIасабуттий,
Къаьста вай, ца хууш стенгахь дер пхьор а.
Дуьззина бакъдерг ду шуна, вежарий,
Сахьт дац-кхамилла а вайх чIанаваккха.
Ган тарло цIеххьана хьуна,
Харцоно шена тIе хьан духар духуш,
Ган тарло хьан сахьт а Харцдолчун пхьаьрсахь,
Ган тарло хьан дин а Харцдолчун долахь.
|